World News

Нохчийн командир вийначун дуьхьа хийцар

Нохчийн командир вийначун дуьхьа хийцар

Советан заманара схьа дуьйна уггар а дукха тутмакхаш дIасахийцар нисделла Оьрсийчоьнна а, Малхбузерчу пачхьалкхашна а йукъахь. Оьрсийчуьра а, Белоруссера а колонешкара 16 стаг а, дозанал арахьа кхел йина 8 оьрси а дӀахецна. Царна йукъахь уггар а коьрта ву - 2019-чу шарахь нохчийн буьйранча Хангошвили Зеламха верна Германехь велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхна хилла Красиков Вадим.

Читайте на 123ru.net