24 мая 2025 года

World News in Chechen

Май
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
25
26
27
28
29
30
31

Все новости

Radiomarsho.com 

Лачкъийначу нохчийн йоIана тIехIуьттуш йен керла акциш

Оьрсийчохь йуха а пикеташ дIайаьхьна Седа Сулейманова лачкъор Iедална талла тIедожош. Царех цхьаъ зазадоккху-беттан 20-чохь Соьлжа-гIалахь хIоттийра. Седин доттагIчо Патяева Ленас. Пикете йалале Патяевас видео дIайазйира шен Нохчийчу йаха Iалашонах дуьйцуш.

Radiomarsho.com 

Кадыров Адаман рогIера совгIат

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана, 17 шо долчу Кадыров Адамна рогIера совгIат дина - «Ахмат-Грозный» ОМОН-н декъан некха тIехь лело билгало йу иза. Кхиазхочунна мидалш а, орденаш а, сийлахь цIераш а, даржаш дала буьйлабелира, лецна латточу Журавель Никитина цо йиттинчул тIаьхьа.

Radiomarsho.com 

Телеграм дIакъовларна дуьхьал стенна бу Нохчийчохь

Нохчийчоьнан Ӏедалша “кхайкхам бина” республикехь дIакъевлина телеграм схьайаста аьлла. Оцу кхайкхамца вистхилира регионера къоман политикан а, зорбанан а, информацин а министр Дудаев Ахьмад.

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалахь виъ стаг вийна ницкъахоша

Виъ стаг вийна Дагестанехь ницкъахоша, уьш теракт йан кечлуш хилла боху. Официалерчу хаамашца, белларш ДАIИШАН агIончаш хилла, бахарехь Каспийск гIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллина тIелатар кечдеш хилла цара.

Radiomarsho.com 

Кадыровн нанна санкцеш тоьхна Австралихь а, Керла Зеландихь а

Австралино а, Керла Зеландис а санкцеш кхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун ненан Кадырова Айманин хьокъехь. Бахьана хилла, формалехь Айманис куьйгалла ден Кадыров Ахьмадан цIарах фонд – Соьлжа-ГIалахь чIагIдарца, цо тIеман хьашташна миллиардашкахь ахча латтийна.

Radiomarsho.com 

"Хьо мила ву, хьуна диц долуьйтур дац". Махках баьхна Казахстане дIахьовсийначу нохчийн, гIалгIайн тIаьхье

1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чу дийнахь йолийра "Чечевица" операци - бIенашкахь эзарнаш нохчий а, гIалгIай а Йуккъерчу Ази новкъабехира. Масех дийнахь цхьана Казахстане хьажийнарг вара 400 эзар стаг. Цхьана декъана 1977-чу шарахь реабилитаци йинчул тIаьхьа шайн дай баьхначу махка йухабирзира дIакхалхийна хиллачех дукхахберш, цхьаболу "спецпереселенцаш" олуш хилларш Казахстанехь бисира. Махкахь баьхна, хийрачу лаьтта тIехь кхойтта шо даьккхинчийн тIаьхьено дийцира тхан редакцига, шайн дахарх а, хиллачун иэс шаьш муха лардеш ду а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Наркотикаш тIехула, йа цIий хьаьдда? Нохчийчуьра командиран валарх

«Ахмат» спецназан батальонан хилла командир Батукаев Зеламха кхелхина. Ши бахьана ду цуьнан валарх лаьцна дуьйцуш – хье чу цIий иккхина хилла боху цхьаболчара, вукхара чIагIдо, хIан-хIан, наркотикаш бале йевлла хилла цунна бохуш.

Radiomarsho.com 

Дагестанера нохчийн йарташ меттахIиттайе аьлла Даудовс

Нохчий а, гIалгIай а Сталина махках баьхна рогIера шо кхочуш Нохчийчуьра премьер-министро Даудов Мохьмада кхайкхамбира Дагестанан Iедалхошка Iовхойн кIошт йухаметта хIоттайе аьлла. Дуьйцург ду лакцашна а, суьйлишна а, нохашна-Iовхошна а йукъара къовсаме даьлла доза.

Radiomarsho.com 

"Цхьана Iалашонца меттанаш дIадохуш ду дешарна йукъара": Къилбаседа Кавказехь а, диаспорашкахь а ненан меттанаш муха лардо

Чиллан-беттан 21-чохь билгалдоккху доллу къаьмнашна йукъахь ненан меттан де. Дуьххьара и де дIакхайкхина ду ЮНЕСКО, цул тIаьхьа тIечIагIдина ООН-н Коьрта ассамблейно. Тхан редакцино дийцаредо хьехархошца а, таламхошца а, меттанаш толлучаьрца а муха кхиош ду меттанаш Къилбаседа Кавказана мехкашкахь а, Оьрсийчоьнел арахьарчу диаспорашкахь а. ЮНЕСКО-н зерашца, дуьненахь долчу 8324 метташна  йукъахь масех бIе мотт бен бац пачхьалкхан а, дешаран а сферашкахь жигара лелош. Царех дукхахдолу меттанаш дIадовш... Читать дальше...