28 февраля 2026 года

World News in Chechen

Февраль
2026
1
2
5
6
7
8
9
10
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
24
25
26
27

Все новости

Radiomarsho.com 

"Ахматан" инарлана дуьхьал йу РПЦ

Оьрсийчоьнан православин килсера керста нехан а, бусулбанийн а цхьааллех лаьцна ша йазйинчу книгана йеш йолу критика тIе ца эцна "Ахмат" спецназан буьйранчас, Оьрсийчоьнан инарла волчу Алаудинов Аптис.

Radiomarsho.com 

"Ах туьта йац": Оьрсийчоьнан эскарера Дагестанера салти

Дагестанера 19 шо долчу салтичун Хизбулаев Магомедбекан дас кхайкхам бина мехкан депутаташка, шен кӀантана Оьрсийчоьнан эскарехь йиттина бохуш дуьйцург талла аьлла. 20 дийнахь кхетамчуьра ваьлла хан йаьккхина жимачу стага, ткъа ша меттавеача цо дIахьедина, шена йиттина аьлла.

Radiomarsho.com 

Лачкъор дац, бераш цIадерзор ду? Ненера бераш нуьцкъаша схьадахар а, кавказхойн ламасташ а

Къилбаседа Кавказехь доьзал дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа бераш ненера схьадахарх лачкъор ца олу, дукха хьолахь "бер шен дайх дIатоьхна" олу. Цунна тIехь гуш ду шерашкахь наноша шайн берашна тIе ден некъаш, цаьрца зIе латторхьама хьоьгу къа а. Наношна луург коьрта хIунда ца хета, ткъа доьзална а, къаношна а хетарг а низамал а деза стенна хета, къастийра тхан редакцино. ГӀалгӀайчуьрчу жимчу зудчо Евкурова ПятIимата ворхӀ шарахь къийсира, шен хиллачу хIусамдас нуьцкъала дӀавигина кӀант ган бакъо. Кхин шен кIант маракъовла йиш йоцуш, кхелхира иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров Адама: Соьлжа-ГIалара бохам

18 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀантах Кадыров Адамах некъахьовзам Iоттабелла Соьлж-ГӀалахь. Орцан министраллан кеманца Москва кхачийна иза. Республикехь Ӏедалан масех даржехь ву кхиазхо.

Radiomarsho.com 

КадыровгIеран керла мидалш а, Басаевн гIаттамхо лацар а. КIиранан жамIаш

КадыровгIара санна хьалххе доьзал чуберзо беза аьллачу Путинна реза бац бакъонашларйархой, нохчийн куьйгалхочо шен кIантаца дIасахийцина мидалш, Басаев Шемалан "тобанехь хилла" стаг лацар. Цунах а, и доцчух лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 127-чу подкастехь. YouTube Spotify Overcast Amazon Audio Кадыровн бераша хенал хьалха доьзалш кхоллар а, бакъонашларъярхоша йен критика аКадыров Рамзанан доьзалера масал а оьцуш, шайн берашка хьалххе доьзалш кхоллийта аьллачу президентан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Оьрсийчоьнан Ӏедал сан къоман декъашна тӀехь даздан гӀоьртира и де". Нохчийчохь Керла шо даздарца боьзна къийсамаш

Керла шо герга мел кхочу, Соьлжа-ГIала хийцало: гирляндаша къагийна хьулу урамаш, ткъа 42 метр лекхачу базалго хазйо гIалин коьрта майда. Дукхахболчу нохчийн бахархоша хазахеташ тIоьцу и дезде, ткъа вукхара иза бусалба нахана хийра лору. Цхьана декъо и де дузу бохамечу хиламашца, ма-дарра аьлча, Керлачу шеран буса Соьлжа-ГӀалана штурм йарца. Тхан сайто теллира, муха тӀеоьцу республикерчу бахархоша Дечкен-беттан 31-гӀа де. Даздарийн атмосфера йелахь а, хӀора шо чекхдолуш нохчийн социалан машанашкахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн берашна тIехь марздо Путина хьалхе доьзалш кхоллар

Нохчийн куьйгалхочуьнгара "масал эца" аьлла президенто Путин Владимира, кIентаршна хьалххе зударий балор хьоьхуш. Бакъаонашларйархоша кест-кеста тидам тIеузу цу кепара гIуллакхаш низамехь цахиларна а, бертаза деш хиларна а.