"Ший а агIо оцу гIуллакха тIехь ловзуш йу". Кхиазхой латарна тIехула Кадыровн Бастрыкинца дов
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Талламан комитетан а куьйгалхой "шайн меттигашкахь хевшина бац" аьлла, Нохчийчоьнан урхалхочо зевне дIахьедар дира. И бахьана долуш шо сов хан йу Москвахь шен нийсархошца 14 шо долу нохчийн кIант Мурдиев Роман (Муслим) латарх лаьцна дийцарш саццанза дIахьон. Иза а, кхин виъ кхиазхо а бехкево цхьа барт а бина, тIелетарш дарна – Мурдиевн гергарчара чIагIдо, шена вевзаш волчу цхьана кIантехьа гIо доккхуш хиллера иза бохуш. Тхан редакцино листира, кхиазхойн девна тIехула ницкъаллин урхаллашна дуьхьал стенна ваьлла Кадыров.
Стохка гIадужу-баттахь 13 шо долу Мурдиев бехке лерира "Хадынское поле" цIе йолчу паркехь летарна тIехула гIаттийначу бехкзуламан гIуллакхехула. ГIуран-баттахь Замоскворецкан кIоштан кхело цIера дIасавалар а дихкина витира иза: кхиазхочунна бехкаш дехкира хьалхе дуьйна барт а бина, ницкъбеш тобанца цхьаьна харцахьара лелла аьлла йеа эпизодехь.
Адвокаташа чIагIдо иза цхьана а хIумана бехке вац бохуш. 12 шо долу шена вевза кIант мелхо а Iалашван гIоьртина иза, оцу девна йукъахь хиллачу кхечу кIанта лелочу къизаллех бохуш, кхелахой тешон хьийза уьш. Цара бахарехь, и важа кIант ву и дов долийнарг а. "Чечня Сегодня" гIирсана йеллачу интервьюхь Мурдиевс а билгалдаьккхира, шена "маймал" а аьлла, шен накъостана тIехьашхула тIекхетча, тIаккха леттера шаьш аьлла.
Бехкевечун девашас бахарехь, дахначу шарахь кхиазхочун гергарнаш 700-зза бевлира Талламан комитете а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, Коьрта прокуратуре а, пачхьалкхан Думе а, Москвара адамийн бакъонаш Iашалйан векал винчуьнга а. Массанхьара а, цо дийцарехь, жоьпаш дохкуьйтура "низаман буха тIехь доцу". Аьхка оцу гIуллакха йукъагIоьртира Нохчийчуьра омбудсмен Солтаев Мансур, цо терго латтийра, бехкзуламан гIуллакх долор низамехь дуй таллийтарна тIехь.
Таламан комитетехь тIаьхьо дийцира, Мурдиевца цхьаьна бехкевеш кхин а пхиъ кхиазхо хилар. Цуьнан адвокато Косыгин Михаила дийцира, уьш берриш а кегийчу къаьмнийн векалш бу, ткъа цаьрца цхьаьна хилла кхин а шиъ оцу гIуллакха йуккъера дIаваьккхинера талламо, хIунда аьлча, "кегийчу къаьмнийн векалийн банда боху церан верси йухуш хиларна".
Кхиазхошна тIехь кхел дIахьош йу Москвахь къевлинчу рожехь. Дуккхаъчу гергарчийн аьтто бац дов хоттучу хенахь чу баха, кхелан картотеки тIера оцу гIуллакхан материалашна тIекхочийла а дац. Оцу гIуллакхехула йолу кхинйолу материалаш а, билгалдахарш а дихкина ду зорбанехь даржон.
Жоьпел а дукха ду хеттарш
Шо даьллачул тIаьхьа 14 шо кхаьчначу кхиазхочун гIуллакхах лаьцна дуьйцучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Колокольцев Владимира а шайн декхарш кхочушдеш дац аьлла.
"Мурдиев Муслиман гIуллакх оха луьсту дуккха а хан йу: бакъоларйархой, депутаташ, сенаторш – боллу векалш бу цу тIехь болх беш, со а цхьаьна. Лакхахь хевшина Iен нах, талламан органаш, коьртехь Бастрыкин [Талламан комитетан куьйгалхо Александр] а волуш, Колокольцев [МВД-н куьйгалхо Владимир] а волуш – уьш хила хьакъ болчу меттигашкахь бац", - билгалдаьккхира цо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун оцу дIахьедарна тIаьххье Талламан комитето зорбанашкахь йаржийра кхиазхой летачу хенахь дIайазйина видео йуккъера цхьа кийсак. Мурдиевх тидам хуьлу хьалхарчу видео тIехь – и дIайазйина "Ходынское поле" паркехь. Цу тIехь къаьсташ дац, дов стенна тIера доладелла ду, амма хьалхарчу секундашкахь видеоно тIечIагIйо бехкевечун верси. Гуш ду Мурдиевс кIайн майка йоьхна кIант кхечу дешархочух тийсалучуьра схьавоккхуш- схьагарехь, цо гIо даьккхина, цуьнан доттагI ву иза.
Видеон оцу кийсакан буха тIехь Талламан комитето дIахьедина "хиллачух лаьцна буьззина барамаш лелийна" хиларх. Нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура дIахьедина, Мурдиевн гIуллакхехь харцо лелийна аьлла, цо тидам тIеуьйзира, зорбане йаьккхина видео талламан версица бIостане хиларна.
Кхелехь вистхуьлуш, Солтаевс кхайкхамбира, Мурдиев а, цуьнан доьзал а пачхьалкхо Iалашбан шайн куьйгакIел эца беза, хIунда аьлча, интернетехь кхиазхочунна бекхам бийр бу бохуш, кхерамаш баржийна.
Оьрсийчоьнан президентан пресс—секретаро Песков Дмитрийс комментарий ца йира Нохчийчоьнан урхалхочо Талламан комитетан а, МВД-н а куьйгалхошна – Бастрыкинна а, Колокольцевна а, луьйш динчу къамелах лаьцна. Кремлехь дIахьедира, "нагахь санна, цхьанна мах хадо оьшу аьлла хетахь, шаьш дийр ду жамIаш" аьлла.
ГIуран-беттан 18-чохь дIайаьхьначу кхеташонехь кхело цхьа а сацам ца бира – рогIера дийцарш хир ду дечкен-беттан 14-чохь.
Политикан хаттар
Нохчийчоьнан куьйгалхочо федералан хьаькамех лаьцна сил шога къамел даро хаттар кхуллу: лаа дуй-те Кадыровс оццул чIогIа Мурдиев Муслимехьа гIо дахар?
Соьлжа-ГIалара адвокато бахарехь (цуьнан цIе ца йоккху оха, кхерамзала Iалашъйеш), Кадыровна дIагайта лаьа, Нохчийчоьнел арахьа болчу нохчашна а тIехь ша Iуналла латтадо, гIо а доккху цаьргахьа, таIзар а до, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша Iаткъам бахь а, хаттарна йист йаккха гунахь ву ша аьлла.
"Массо а бара тешаш, федералан кхелахочун хIусамера массарна а гуш ара а такхийна, Мусаева Зарема Нохчийчу дIайуьгуш, бехкала бахна нохчий таIзар дан Соьлжа-гIала цIа буьгуш, хIинца оцу кIантехьа гIо даьккхина, федералан хьаькамашна, МВД-н министрна а, Талламан комитетан куьйгалхочунна а, масала, дуьхьал вала цуьнан кийча хилар а", - аьлла хета адвокатна.
Цо дуьйцучунна тIетайра тхан сайтаца къамел дина цуьнан Москвара кхин цхьа коллега а, цунна хууш ду Мурдиевн гIуллакхах лаьцна. Цунна хетарехь, кхузахь бехкзуламан гIуллакх айдан бахьана дац, амма политикан бух бу: летачу хенахь Мурдиевн 13 шо ду, дерриг а дерзийта дезара цара административан таIзар а кхайкхийна, билгалдоккху къамелдечо. Амма и гIуллакх дахдан буьйлабелла.
"Оьрсийчоьнан Федерацин Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра йоллу пачхьалкхана хьалха, ша шен тергоне оьцу и гIуллакх аьлла, дIахьедича, талламхочунна Iаткъамбар санна лору. И гIуллакх дIакъовла дезаш дац, иза кхеле кхачон дезаш, бехкечарна хенаш а тухуш аьлла, тIедиллар санна лору и. Оцу инзаре йукъагIортаро, кхел а хилале хоуьйту хьуна, шеконашка эцначунна хан тухург хиларх", - кхетадо цо.
Цунна хетарехь, оцу гIуллакха тIехь Кадыров а ву ловзуш, дуьненчу валар а, вахар а Москвахь долу, бакъйолу оьрсийн Роман аьлла цIе йолу нохчо Iалашво ша бохуш. Мурдиевх дуьйцуш, нохчийн куьйгалхочо хьийзош болу мигранташ хьахоро а тоьшалла до, Советан пачхьалкхан йукъадогIучу мекашкара баьхкина хиллачу бусалба нахана а тIехIоьттина Iаш ву ша бохучун.
"Бакъду, ша хIинцале а "къамел дина", Мурдиевна кIад а дийр дац бохуш, цо гIо даьккхина нохчийн кIантехьа. Регионан куьйгалхо йукъагIоьртинера аьлла, кхеле дIаделла гIуллакх муха доьрзуьйтур ду? И баха оьшуш дацара. Кхелехь гIуллакх тIаьхьатеттина хилар, цхьана агIор доьзна ду, нохчийн куьйгалхочо архаш лаьцна лелош бу бохуш, хабарш ца даржийтарца", - аьлла хета Москвара нохчийн адвокатна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIанта, цуьнан хьехамчас Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ ца лардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша терго латтор йу цу тайпачу аккаунташна тIехь, "низамах боьхнарш" жоьпе ийзор бу аьлла. ХIун гIиллакхаш дохор ду дуьйцуш - хууш дац. Оцу йукъанна Оьрсийчоьнан низамехь цу кепара леларна тIехула жоьпалле озон магош бух банне а бац.
Нохчийчоьнан къоман поитикан, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, шен урхалло терго латтош йу Нохчийчуьра дIабахначу бахархойн "леларна тIехь" аьлла. Цо иштта билгалдаьккхира, цкъацкъа шаьш "жоьпаллехь ца хеташ, шайна ма-хеттара лела деза" аьлла хета царна бохуш. Цо хаамбира, "оцу кепара хIума магийта йиш йац", дийцира "Iедало а, Кадыровс а цуьнан шога тергойо" аьлла. Хьаькамо бакъдина меттигерчу Iедалхоша регионера дIабахначу Нохчийчуьра бахархошна тIехь шайн терго латтош хилар.