21 декабря 2024 года

World News in Chechen

Декабрь
2024
1
2
4
6
7
8
9
12
13
14
15
16
19
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Все новости

Radiomarsho.com 

"Тамехь бахьана а хIоттийна бизнес дIайаккхар": Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь динан бакъонаш муха йу

Кху кӀиранах Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхайкхам бира, бусулба регионехь "товш йоцу" реклама йолу хазаллин салонаш дӀакъовла аьлла. Иштта цо дӀахьедина, низамаш талхийна болх беш хилла цхьа могӀа аптекаш дӀакъовларх а, дIакхайкхийра республикехь зударий а, божарий а къаьстина тIеоьцур болу керла аптекаш йоьллур хиларх. Эксперташа дийцира тхан редакцига, Кадыров Рамзан "исламизаци" чӀагӀъян муха гӀерта а, цо арабаьккхина некъ наггахь динца а, Оьрсийчоьнан низамашца а бIостане муха хуьлу а. Нохчийчоьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн йоIаца йоьзна йу Соьлжа-ГIалара цхьа могIа аптекаш

Зударшна а, божаршна шайна-шайна къаьстина аптека схьайиллина Нохчийчохь. Фирман долахо Кадыров Рамзанан йоIаца йоьзна йу. Darba Pharmacy схьайелларах хаийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочо гIадужу-беттан 14-хь. Цул а хьалха регионехь дIакъевлира 55 аптека – низамаш ца лардина аьлла.

Radiomarsho.com 

Алаудиновна хьалха йуха а къурд алар

Москвара пачхьалкхан университетан дешархочо "Ахмат" полках "тикток-эскар" аьлла, цул тIаьхьа гечдар а доьхуш. Университете вахана хилла спецназан командир Алаудтнов Апти.

Radiomarsho.com 

30 шо хьалха Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчу дахара – болабелира махкахь хьалхара тIом

30 шо хьалха болабелира Нохчийчохь хьалхара тӀом. 1994-чу шеран гIуран-беттан 11-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан омрица республике чуйеара оьрсийн тӀеман техникан ковранаш, "конституцин къепе меттахӀотто" дохку шаьш аьлла.

Radiomarsho.com 

Маьрша Ичкери а, хьалхара тIом а: суьртийн галерей

Иттаннаш эзарнаш байинарш а, лазийнарш а, мухӀажирш а, Оьрсийчоьнах йозуш йоцу Нохчийн Республика Ичкери а – уьш ду 30 шо хьалха, 1994-чу шеран Дечкен-беттан 11-чу дийнахь, республикехь болабеллачу хьалхарчу тӀеман жамӀаш. Тхан редакцино гулйина оцу шерашкара суьртийн галерей.

Radiomarsho.com 

Шемара гIаттамхоша Асадан Iедал дохийна, хала хенаш йу тIейогIуш

КIирандийнахь, гIуран-бетта 8-хь гIаттамхоша президентан Башар Асадан Iедал доха а дина, Димашкъа схьайаьккхина шаьш аьлла дIахьедар динчул тIаьхьа, Шеман коьртачу шахьарахь герзаш дуьйлуш хезира, даздарш дара дIахьош.

Radiomarsho.com 

Дуьненахь уггаре а лараме 100 зудчун тептар тIехь Дагестанера бакъонашларйархо

Дагестанера бакъонашларйархо Анохина Светлана дуьненчохь уггаре лараме 100 зудчунна тептарехь йу Би БИ си версица. Анохина – “Марем” кризисан тобанан куйгалхо йу, Къилбаседа Кавказехь доьзаллехь гIило хьогу зударшна а мехкаршна гIо деш.

Radiomarsho.com 

Кадыровс доьзалш “вовшахтохар”

Кадыров Рамазанс кхоьллина комиссино дIахьедина ворхI шарчохь шаьш 2659 доьзал “цхьаьнатохарахь”. Хьалхо, республикан бахархоша хаам бора комиссино бертаза доьзалаш “цхьаьнатохарехь”.

Radiomarsho.com 

"Воккхачу стаге дIайелира со". Кхиъна а далале зудабер маре дуьгурш Кавказехь таIзарх муха бовлу

Хенал а хьалха доьзал кхоллар Оьрсийчоьнан пачхьалкхан мехкашлахь къаьсттина даьржина ду Дагестанехь а, Ставрополан махкахь а. Ишта хьесапаш дина бакъоларйаран Equality Now организацино шаьш арахецначу рапортехь. Къилбаседа Кавказан регионашкахь хенал а хьалха а, бертаза а маре стенна ло зудабераш, цунна хIун дан деза а дийцира тхан редакцина и таллам бинчара. Оьрсийчохь лелаш репрессийн низамаш хиларна, оха ца йоху тхайца къамелаш динчийн цIераш. Дуьненайукъараллин бакъонца а догIуш, берашна йукъахь захало дар ... Читать дальше...