21 ноября 2024 года

World News in Chechen

Ноябрь
2024
2
3
4
5
7
8
9
10
12
14
15
16
17
19
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Все новости

Radiomarsho.com 

"Боьха лело дакъош" схьадохуш ду Нохчийчуьра Iедалхоша

ТIехь деш дола дац аьлла, шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ца тайна Соьлжа-ГIалара лаьтта тIера цIенош дIахьаькхна. Иттех дакъа схьадаккха дагахь бу Iедалхой, цу тIехь лекха гIишлош йархьама, тоьшалла до редакцин хьосто.

Radiomarsho.com 

Нохчийн блогеран турнир йукъах йаьккхина ницкъахоша

Подмосковьера ницкъахоша йукъах йаьккхина ПОП-MMA-н ЛИГИН HYPE FIGHTING турнир. Оцу лигин долахо ву нохчийн блогер, Альфредо Аудиторе цIарца вевзаш волу. Блогеран бакъйолу цIе Носаев Мухьаммад йу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгоградан кIоштара векалан кIант ву иза.

Radiomarsho.com 

Алаудиновн гIоьнца Нохчийчуьра бахархой таIзарх бовлар

Нохчийн «АХМАТ» декъан командир Алаудинов Апти йукъа а гIуртуш, хиллачу летаршна тIехула долийна хилла бехкзуламан гIуллакх дIакъевлина Анаперчу кхело. Гезгамашин-беттан кхозлагIчу дийнахь меттигерчу клуба хьалха шина аниматорна йиттинера: шайца доттагIалла таса реза ца хиллачу йоьIехьа гIо даьккхинера цара.

Radiomarsho.com 

"Динехь магийна дац и". Зударшна тIехь гIело латтораш муха бехказа боху Кавказехь

"Къиза дин" ду бохуш цхьа стереотип йу исламна гонах – зударийн хьокъехь а цхьана. Цкъацкъа оцу кепара ойла йовзуьйту динан дайша а: цуьнан тоьшалла до, масала, ГIезалойчуьра имамах Камаев Тимурах лаьцначу дийцаро а. "ТаIзар деш" муха нийса йетта йеза зударшна дийцира цо. Зударшна тIехь гIело латтор "дино магош ду" бохуш, дукха хьолахь и бакъдан хьийза Къилбаседа Кавказехь. Амма, ма-дарра дийцича, исламо ца боху зудчунна тIехь ницкъбе, чIагIдо тхан редакцино хеттарш динчу Iеламнаха а, историкаша а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Узбекистанан президентан пресс-секретарна кIелойарна гунахь хилар тIе ца дитина Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, йа ша а, йа махкара бахархой а бехке бац Узбекистанан президентан администрацин хаамийн политикан департаментан хиллачу куьйгалхочунна Алламжонов Комилна тIелатарна аьлла. ГIадужу-беттан 26-чу буса муьлш бу цахуучу наха герзаш диттинера цуьнан машенна, вийна йа лазийна стаг вац. Малхбузера хаамийн гIирсашна бехкаш дехкина Кадыровс, цигахь "нохчийн лар" хилла аьлла, верси къадорна. "Со цхьаъ билггал дан Iалашо йолуш хиллехь, долийначух бIе процентана йист а йоккхуш дерзийна хир дара"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхехь тIехь да воцуш бисинчу доьзалашна луш долу пенсеш уггар а кӀезиг ду - Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а

ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, Оьрсийчохь тIехь да воцуш бисина доьзална луш долчу пенсин барам бара 15 эзар сом, амма Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а иза шозза кӀезиг ду. Социалан ахчанан барам а лахара бу Оьрсийчоьнан юккъерчу барамал Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а цхьа могӀа кхечу регионашкахь, Пенсин а социалан страховани фондан тӀаьххьарчу статистико гайтарехь. ТIехь да воцуш бисиначу доьзална пенси луш ду, нагахь санна, цу стага царна рицкъ латтош хиллехь. Юккъерчу барамехь Оьрсийчохь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Латтаца къовсам баларна нохчий тIамтIе хьийсор тIедожийна Дагестанехь

Эскархойн доьзалашна латтанаш декъарна реза боцу меттигера нохчий тIаме хьовсабе аьлла Дагестанера суьлиша. И бахьана долуш дов иккхира Ленинаул йуьртахь. Сталинан депортаци хилале хьалха оцу латтанаш тIехь баьхна нохчий-Iовхой.

Radiomarsho.com 

Прокурорна кхерамаш тийсарна бехкевен адвокат Идалов лаьцна йуха а

Москварчу Никулинан кӀоштан кхелан прокурорна кхерамаш тийсарна бехке веш волу адвокат Идалов Тимур Нохчийчохь йуха а лаьцна, хаамбира цуьнан белхан накъоста Сотников Дмитрийс, шен Фейсбукера агӀонехь. Товбеца-беттан йуьххьехь, талламаш чекхбевллачул тӀаьхьа, лаьцначуьра мукъаваьккхира иза. Цомгуш йолчу шен нене хьажа ваханера иза Нохчийчу, амма гIадужу-баттахь йуха а лецира кхелан сацамца. Идалов бехке веш ву 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Москварчу Никулинскийн кхелан пачхьалкхан прокурорна кхерамаш тийсарна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хьиджабаш йехкарца доьзна Владимиран кIоштара депутатаца хиллачу цхьанакхетарх дIахьедина Делимханов Адама

Республикера кхечу депутаташца цхьаьна Владимиран кIоштан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу шен белхан накъостаца Игошин Игорьца цхьанакхетар хиларх дIахьедина Делимханов Адама. Iалашо хилла – дукха хан йоццуш цигахь дешаран хьукматашкахь хьиджабаш йехкарх лаьцна дийцаредар. Делимхановс чIагIдо, Игошин реза хилла "йукъахь цхьаьна питане омра йухадаккхийта" хьажа. Цунах лаьцна Делимхановс хаамбина шен телеграм-каналехь. Стенгахь хилла цхьанакхетар, Делимханов а, Игошин а воцург, кхин цигахь мила хилла а, билгалдоккхуш дац. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Путинан цIарах "спецназан университетан" дина тIелатар

Гуьмсера «Оьрсийчоьнан спецназан университетана" гIадужу-беттан 20-хь «тIелатар дина пилот воцчу кеманаша», дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Кадыров Рамзана бахарехь «йаьсачу гIишлонан» тхевнах цIейаьлла, белларш а, лазийнарш бац, цIе дIайайъина.