World News

Оьрсийчу чемпионате богIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн цIерш йовзийтина

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс цIерш яьхна дуьненан футболан чемпионате богIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн. Уьш бу – Казахстанан лидер - Назарбаев Нурсолта, Белоруссин – Лукашекно Александр, Абхазин —Хаджимба Рауль, Киргизин —Жээнбеков Сооронбай.


Иштта церемонехь шаьш хирг хиларх схьахаийтина Молдавин президенто — Додон Игора а, Панаман — Варела Хуан Карлоса а, Таджикистанан —Рахмон Эмомалис а, Къилба ХIиричоьнан — Бибилов Анатолийс а, Узбекистанан — Мирзиёев Шавката а.


Песковс бахарехь, тептарехь ю  Парагвайн куьйгалхо Бенитес Мария Абдо а, СаIуда Iаьрбийчоьнан эла Аль Сауд Мухаммед бен Сальман  а.


"Чемпионат йоьдучу юкъанна Оьрсийчу кхочур бу шайн командийн ловзаршка хьовса кхечу пачхьалкхийн куьйгалхой а", - аьлла пресс-секретара.

Читайте на сайте