World News

Малхбузехь тховкIело лоьху Оьрсийчу футболан чемпионате баьхкинчу наха

Евробертан пачхьалкхашкахь тховкIело еха некъаш лоьхуш бу Оьрсийчу футболан дуьненан чемпионате бахькинарш. Цунах лаьцна хаам бо Финляндерчу Yle зорбанан гIирсо.


ДIадаханчу кIиранах Мароккора кхо стаг гIоьртина хуьнхула Оьрсийчоьнан а, Финлядин а доза хадо. Ткъа Нигерин махкахо изза дан гIоьртина, Бразилин махкахочуьнан харц паспорт а гайтина.


Цул сов, кхин цхьана стага политикан тховкIело ехна ХIелсинкин аэропортехь.


 

Читайте на сайте