World News

Путинна хууш дара ГасангусейновгIеран ши кIант верах аьлла журналисто Шевченкос

Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан (СПЧ) хиллачу декъашхочо, журналисто Шевченко Максима дIахьедарца, еаридийнахь йоьдучу Оьрсийчоьнан президентан пресс-конференцехь байинчу ГасангусейновгIеран вежарех шена дуьххьара хеза Путина  алар бакъ дац.


"Цхьана шарахь гIуллакх ца доьллура талламчаша. Дийцира цунах Дагестанан куьйгалхочуьнга Васильев Владимире а, СПЧ-н кхеташонашкахь а, гоьбевллачу буьйранчашка а, - багарбо журналисто "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь. – Путине дийцинера цунах лаьцна СПЧ-н белхахошца хиллачу цхьанакхетарехь, Къилбаседа Кавказан мехкашкарчу хьолах лаьцна рапортехь а яздира, ткъа цо шена ца хаьара боху. И тамашийна хIума ду!"  


 


Ши кIант вийначу кхолгIачу дийнахь веара ша боху Шевченкос Дагестанерчу Гоор-ХIиндах эвла шина кIентан дега кадамбан.


Дагестанан пачхьалкхан телерадиокомпанин корреспонденто Еськина Еленас хIора шарахь хIотточу Путинан пресс-конференцехь айдира байинчу ГасангусейновгIарех хаттар.


Шена хезна дацара цунах лаьцна, амма кхи дIа и гIуллакх тергоне а эцна, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна тIедуьллур ду ша аьлла, тIелаьцна Путин Владимира.


2016-чу шеран аьхка дIахьочу леринчу операцехь вийра Гасангусейнов Наби а, Гасангусейн а. ТIемалой бара уьш аьлла, зулам къайладахьа гIоьртира ницкъахой, амма юкъаралла ца тийшира цунах.


 

Читайте на сайте