Айдамиров Абузар. Хьоьга
Айдамиров Абузар. Хьоьга Нисса шо кхаьчнера Суна хьо еза, Хьоь болу безам ас Сайн дагчохь къуьйлу. Яйнера мерза наб, Байнера синтем, Дог дара диллина Безамо Iуьйшуш. Хийлазза вогIура Хьо йолчу агIор, Сайн дагца чIагIо йой ЦIенна дIадийца. Хийлазза вирзира Ца дуьйцуш хьоьга, Кхоьрура хиларна Хиллариг хIинца. Амма ницкъ бацара Кхин дIа садетта, Бовхачу безамо Боттура кийра. Дийцира сайн ницкъал Безам а тоьлла Кхоьррушехь хетарна Хьан дагна хийра. Ахь лехахь куц хаза... Читать дальше...