World News

Анзор дIавуллучохь: "Бекхам боцуш хIума ца дуьссу"

Кху беттан юьххьехь Австрехь вийна Нохчийчуьра политикан эмигрант Умаров Мамихан (Венера Анзор) доккха орца а даьлла, дIавоьлли. Полисхой а, къайлахчу сервисийн белхахой а цхьана бара ха деш, тIеозийна. Цуьнан тезетахь гулбеллера нохчийн диаспоран векалш, Анзоран гергарнаш, доьзал. Цунах йиссина хIусамнана Зарема тешна ю, тешнабехкаца шен цIийнда вийнарг Кадыров Рамзан ву аьлла.

Читайте на сайте