World News in Chechen

Навальныйс ша дийна хилар дIакхайкхийна

ПIераскан суьйранна социалан машанерчу масех пабликаш тIехь  оппозиционер Навальный Алексей вийна аьлла информаци яьржинера. "Медуза" интернет-гIирсан цIарах баржочу хаамашкахь а чIагIдора, ша вехачу хIусамна хьалха вийна Навальный, бохуш.


ТIаьхьо "Медузас" дIакхайкхийра, шайн цIарах йиллинчу аккаунтехь беш бу и хаамаш, шайн интернет-гIирсо даржош дац аьлла.


Твиттерерчу шен агIон тIехь Навальный Алексейс хаийтина, ша дийна хиларх.


Хууш дац оцу фейкан хаамна тIехьа лаьттарг мила ву.


 


 

Читайте на сайте