World News in Chechen

Собчак Ксения официалехь президентан харжамийн кандидат хилар дIакхайкхийна

"Бахархойн инициатива"  партино официалехь хьалхатеттина 2018-чу шеран Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца журналист Собчак Ксения. Оцу сацамна тIетайна  96 стаг, дуьхьал ву 7.


Шоьтадийнахь "Бахархойн инициатива" партина юкъа а йоьдуш, церан съездехь дакъалецира Собчака. Цо иштта  зорбане яьккхина шен харжамийн программа а.


"Массарна а дуьхьал" кандидат ю ша боху журналисто. Хаамийн гIирсашкахь президентан Администрацино хьалхатеттина ю Собчак бохуш, яздора, амма ша кандидата Кремлца шен уьйр хилар тIе ца дуьту.


 


 

Читайте на сайте