World News in Chechen

Нохчийчуьра кхелхина баьхкинчу нахана гIо дан комисси кхуллуш ю гIалгIайн Iедало

Нохчийчуьра кхелхина баьхкинчу мухIажирийн хьашташ кхочуш дан леррина пачхьалкхан комисси кхуллур ю хIара бутт чекхбалале ГIалгIайчоьнан Iедало.  


ТIемаш бахьана долуш Нохчийчуьра дIабахана ГIалгIайчохь баха хевшинчу нехан коьрта проблемаш дIайохур ю гергарчу хенахь, хаам бо ТАСС агенталло, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан сервисана тIе а тевжаш.


ГIалгIайн Iедало далочу терахьашца, Нохчийчуьра мухIажирашна хьажийна 1439 петар йина республикехь.

Читайте на сайте