World News in Chechen

ПIаьнгазахь хиллачу операцин жамI дина Гуьржийчоьнан кхерамазаллан сервисо

ПIаьнгазахь ГIура-беттан 26-чохь дIаяьхьначу лерринчу операцин жамIаш довзийтина Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо. Цуьнан векалша дийцарехь, Чатаев Ахьмадана гIо дина аьлла бехке а вина, дIалаьцна 5 стаг. Уьш бу цу чIожера бахархой Горнакашвили Зураб, Алдамов Руслан, Маргошвили Рамаз, Чопанашвили Бадур, Мачаликашвили Темирлан.


Гуьржийчоьнан ницкъаллин структурийн векалша чIагIдарехь, цу наха гIо дина Чатаевна, Марадиди эвлана гергахь долу доза а хадийна, Туркойчьура Гуьржийчу кхача а, Тбилисехь чохь ваха петар лаца а.


Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисан зорбанан сервисо дийцарехь, таллам дIабаьхьна хилла гуьржаша Iамеркерчу къайлахчу сервисийн белхахоша накъосталла а деш.


Цо иштта хаам бина, Лахьан-беттан 22-чохь Тбилисехь Чатаевца цхьаьна кхелхина шиъ вара Нохчийчуьра Адашев ИбраьхIим а, Солтахматов Асланбек а, ткъа лаьцнарг ву Борзиев ШоIип аьлла.

Читайте на сайте