World News in Chechen

20 шо хьалха яйна шен йоI Дагестанехь карийна Соьлж-ГIалара яхархочунна

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш кхечу берашца цхьаьна, карахь кехаташ а доцуш, Соьлж-ГIалара Дагестане дIайигина хилла 5 шо долу Ибрагимова Хьава.


Ши де хьалха, ГIура-беттан 25-чу дийнахь, шен нана йолчу цIайирзина иза. Цу хеначохь заьIапхо йолу жима зуда Буйнакскерчу интернатехь ехаш хилла. Иза хьена ю хиина, ДНК-экспертиза бахьана долуш.


Ибрагимова Хьава Нохчийчу цIаерзарх лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь, яздо "Кавказский узело".

Читайте на сайте