World News in Chechen

22 эзар вахархо махкахвала бакъо йоцуш ву Нохчийчохь

22 эзар сов Нохчийчуьра бахархой бу Оьрсийчоьнан территори тIера арабовла бакъо йоцуш. Цуьнан бахьана ду цу наха коммуналан хьаштех ахча а, кредиташ а, цхьацца декхарш а, гIуданаш а дIадала дезаш хилар.


Цуьнах лаьцна хаам бина Федералан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.


Махкахвала дихкина хиларх лаьцна вахархочо хатта деза ша вехачу меттехь болчу пурстоьпашка. Декхар ду-дац хьажа иштта аьтто бу иштта Федералан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан сайта тIехь а.

Читайте на сайте