World News in Chechen

Австрера а, Туркойчуьра а клиникаш кийча ю Мачаликашвили дарба лелон тIелаца

Туркойчуьрчу шина клинико шаьш кийча хилар хаийтина, дарба лелон тIеэца ПаьнгIазехь полицин операци дIахьош чевнаш йина волу Мачаликашвили Темирлан. Цунах лаьцна хаам бина Гьуржийчуьрчу "Рустави-2" телеканало.


Масийттоза дагабевллачул тIаьхьа лоьраша жамI дина, 19 шо долу Мачаликашвили кхечу пачхьалкхе дехьаваккха мегар ду, оьшуш долу дарба лелон аьлла.


Лоьраша бечу хаамашца, 2017-чу шеран ГIура-беттан 26-чу дийнахь коьртана а, белшана а чов йина волу Мачаликашвили карарчу хенахь цхьанаэшшара вочу хьолехь вуьсуш ву. Цара дийцарехь, цуьнца цхьаьна хьал вочу далар а ца хааделла медикашна.


Мачаликашвилина махкал арахьа дарба дарх лаьцна сацам бан безаш бу цуьнан доьзал. КIентан дас-нанас дийцарехь, уьш ладоьгIуш бу Гуьржийчоьнан Iедалша жимачу стагана ахчанца гIо дарх лаьцна сацам баре.


Хьалхо Мачаликашвилина дарба лелон реза хиллера Австрера клиника.

Читайте на сайте