World News in Chechen

SpaceX Iамеркан компанино кхушарахь шен хьалхара ракета хьажийна космосе

Дечкен-беттан 8-чу буса Флорида штатехь Канаверал олучу меттигера хецначу Falcon 9 ракето космосе яьккхина Zuma цIе йолу къайлаха спутник. Иза дина Iамеран Iедалан дехарца, цIарца ца юьйцучу миссица.


ШолгIа дакъа кхиаме дIакъаьстича, масийттоза пайда эца мегаш йолу Falcon 9 хьалхара дакъа доьссина леррина кечйинчу охьахоу майдане.


Стохка Зазадоккху-баттахь Маск Илонан компанино исторехь дуьххьара космосе хьажийра цигахь цкъа хилла долу ракетан хьалхара дакъа. Эксперташа дийцарехь, Falcon 9 олу юх-юха а пайда эца мегаш йолу ракеташ лелоро мах охьабоккху космосан аппараташ орбите хьажоран.


 

Читайте на сайте