World News in Chechen

Эскархошна маьждиг дина Нохчийчохь

Бусалба динехь болчу эскархошна хьажийна маьждиг дина  Нохчийчохь Къилбаседа федералан гонан гIашсалтийн дивизин кертахь. Цу чохь ламаз дан аьтто бу цхьаьнаметта 50 стеган.


"Кавказский узело" дийцарехь, керла маьждиг дан долийнера Невран кIоштахь стохка Лахьан-баттахь.


Нохчийчьурчу муфтиятан векалшна хетарехь, керлачу маьждиго, эскархойн ламаз дан аьтто бина ца Iаш, гIо дийр ду церан вовшашца болу барт чIагIбан.   

Читайте на сайте