World News in Chechen

Кавказера тIемалой болу Идлиб схьаяьккха гIерта Асадан ницкъаш

Шеман президентан Асад Баширана муьтIахь болчу ницкъаша Iаткъам бар алсамдаьккхина Идлиб провинцехь болчу гIаттамхошна. Шеман тIеман кеманаш бомбанаш а, ракеташ а етташ ду Идлибан къилбаседа-малхбузехь йолчу территорина.


Идлиб, провинци Iуьллуш ю Туркойчоьнан дозанца. Цу меттигашкахь  дIатарбела бу Шеман режимана дуьхьал болу оппозицин ницкъаш, шайна юкъахь Юккъерчу Азера пачхьалкхашкара баьхкина тIемалой а болуш. Цхьаболчу хаамашца, Кавказерчу тIемалойн "Ажнад аль-Кавказ" тобано Iуналла дечу Идлиб гIала бомбанаш йиттина лаххара а 34 стаг вийна кIирандийнахь, шайна юкъахь 19 маьрша вахархо а волуш.

Читайте на сайте