World News in Chechen

Кадыров: 12 эзар турист веанера Нохчийчу Керла шо даздан

Керла шо Нохчийчохь даздан кхайкхинера Оьрсийчуьрчу а, махкал арахьарчу а бахархошка Кадыров Рамзана, 2017-гIа шо чекхдале цхьа кIеззиг хан йиссинчхенахь. Цуьнан дехар тидаме а эцна, республике шо чекхдолуш садаIа веана хилла 12 эзар стаг, хаам бо  grozny-inform агенталло. Цунах лаьцна Кадыровс яздина шен Mylistory социалан машанехь йолчу агIонехь.


Цо дийцарехь, цу нахана юкъахь бу кхечу пачхьалкхийн махкахой а.


Нохчийчоьнан Iедалан векалша бинчу хаамца, 2017-чу шарахь верриг а Нохчийчу веана 100 эзар сов турист.


Дустуш аьлча 2008-чу шарахь Нохчийчоьнца доза долчу Гуьржийчу 2017-чу шарахь баьхкинчу туристийн терахь ду 7,5 миллион стаг.

Читайте на сайте