World News in Chechen

Газ иккхина 5 адам дагийна Нохчийчохь

Бохам хилла Шелан кIоштарчу Гермачигахь Дечкен-беттан 9-чу сарахь. Газ иккхина ораматаш кхиаден чоьнехь, хаам бина Нохчийчуьрчу орцаллан министралло.


И бахьана долуш вагийна 5 стаг. Уьш дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу 4-чу дарбанан цIийне.


Болчу хаамца, газ иккхинчул тIаьхьа цIе ца яларна дийна бисина цу чохь хилларш.


Орцаллан министраллан белхахой таллам беш бу хилларг хьокъехь.

Читайте на сайте