World News in Chechen

Титиев хьийзор Гериевн гIуллакхца догIуш хилар билгалдаьккхина Евробарто

Оьрсийчоьнан Iедалша сихонца дIахеца веза нохчийн бакъонашларъярхо Титиев Оюб аьлла, дIахьедар дина Евробарто. Цхьаьанакхеттачо Европан куьйгалхошна хетарехь, Титиевн гIуллакх догIуш ду "Кавказский узел" порталан корреспондентаца Гериев Жалавдица хиллачуьнца.


Евробарто динчу дIахьедарца "сингаттам кхуллуш ду Оьрсийчоьнан Федерацин цу (Къилбаседа Кавказан) регионехь бозуш боцу журналисташ а, бакъонашларъярхой а лецар а, уьш кхеро гIертар а".

Читайте на сайте