World News in Chechen

ГIаттамхошна гIо латтийна аьлла бехкево ГIалгIайчоьнан вахархо

ГIаттамхошца уьйрашкахь хилла аьлла, кхеле озийна 31 шо долу Картоев Джамлай бехке ву аьлла, тIечIагIдина гIалгIайн прокуратурано.


Талламо бахарехь, 2013-чу шеран гурахь дуьйнна дахначу шаре кхаччалц, ГIалгIайчоьнан дозан тIехь хиллачу гIаттамхойн тобанна медикаменташца а, тIеюхучу бедаршца, кхи а оьшучу гIирсаца гIоьналла латтош хилла Картоевс.


Малгобекехь иза вехачу цIийнах хьаьвсича гIаттамхоша ларъян цуьнга елла  Ф-1 граната а карийна полисхошна.


 


 

Читайте на сайте