World News in Chechen

Шеца доьшучу кIантах леттарг кхеле хIоттор ву Нохчийчохь

Нохчийчоьнан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин дехарца Грозненск кIоштан прокуратурано талламаш дIабаьхьна корта лазийна дарбан хIусаме кхачийначу кхиазхочун хьокъехь.


Илиновскерчу школехь физкултуран урокехь шеца доьшуш волчу кIантаца леттачохь и дешархо лазийна хилар билгалдаьлла талламхошна.


Оцу заманчохь хьехархо дIасаваьлла хилла. Цул совнах, школано конфликтан ситуаци ерзорехь цхьа а некъаш ца лелийна.


Школан директорна а, кхечу бехкечарна а дисциплина лардина цахиларна жоьпалла тIедожийна, ткъа чевнаш йинчу дешархочунна дуьхьал долийна  бехктакхаман гIуллакх кхеле дIахаьажийна.


 


 

Читайте на сайте