World News in Chechen

МухIажирша зуламаш алсам дар бакъ ца до немцойн полицино

МухIажирша меттигерчу бахархошачул а  алсам зуламаш до бохург бакъ ца дина немцойн полицино.  ТIебаьхкинчу наха де зуламаш таллархьама  Германерчу Брауншвайг гIалахь лерина  кхоьллинчу полисхойн зондер-тобан куьйгалхочо Кюх Улфас дийцарехь, хаамийн гIирсашкахь даржош долу криминалечу мухIажарийн сурт харц ду.


Шайн тобанан зеделлачух лаьцна дийца Вене веанчу полисхойн хьаькамо элира, Германе тIаьххьарчу шина-кхаа шарахь миллион сов мухIажир кхачаро цу махкахь деш долчу зуламийн терахь башха хийцина дац,  иза цхьаьнаэшарехь дисна аьлла.


Изза хьал Австрехь а хилар тIечIагIдира меттигерчу криминалан хьукматан куьйгалхочо Гайгер Эрнсто.


Германехь тIебаьхкинчу наха дечу зуламийн терго ечу эксперта Кюх Улфа билгалдаьккхира, доккхачу декъехь зуламаш деш берш тховкIело ехнарш я кхаьчнарш бац, мухIажарех дIа а ийна, лерина зуламаш лелон Европе баьхкина болу нах бу, аьлла.


Оьрсийчуьра а, Гуьржийчуьра а, Балканашкара а, Къилба Африкера а талорхой хьахийра цо къаьстина алсам къепедацарш лелочарна юккъехь.


Нохчий цу могIаршлахь билгал бевлла бац элира цо.

Читайте на сайте