World News in Chechen

"Ведучи" курорт схьаелла кечлуш цига ло кхоьхьуш ду Нохчийчуьра Iедалш

Итум-Кхаьллан кIоштахь йолу когсалазийн "Ведучи" курорт схьаелларан церемонина кечлуш, Веданан кIоштара ло кхоьхьуш ду Нохчийчоьнан Iедалш.


"Кавказ.Реалиино" дийцарехь, кху деношкахь республикехь ло деана, амма ломан когсалазийн курорт йолчу меттехь иза тоьаш дац. И бахьана долуш, Дечкен-беттан  20-чу дийнахь дуьйна ло дIакхачош ду цига. Болчу хаамца, ло кхоьхьучу машенаш хIинцале а йина 800 сов рейс.


"Ведучи" схьайоьллур ю тIедогIучу пIераскан дийнахь.

Читайте на сайте