World News in Chechen

"Мемориалан" машен ягийна ХIинжа-гIалахь

Дагестанан коьртачу меттехь ХIинжа-гIалахь муьлш бу ца хуучу наха ягийна "Мемориал" бакъонашларъярхойн вовшахтохараллан машен. Зулам дина оршотан сарахь. Цуьнах лаьцна хаам бинна Оьрсийчуьрчу евзаш йолчу бакъонашларъярхочо Сакириянская Екатеринас шен Facebook-чу агIонехь.


Цо дийцарехь, оцу машенахь ваханера Куршлойн-эвла кху беттан 20-чу дийнахь "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан адвокат.

Читайте на сайте