World News in Chechen

Чатаевна гIо дарна рогIера стаг лаьцна Гуьржийчохь

Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисан контртерроран департаменто, суьдо бинчу сацамана тIе а тевжина, Тбилисехь лаьцна меттигера вахархо Бердзенишвили Анатолий, хаам бо "Гуьржийчоь онлайн" хьастано.


Кхерамазаллан сервисан таламхоша чIагIдарехь, и стаг Туркойчуьра веана хилла Гуьржийчу Чатаев Ахьмадна а, цуьнан накъосташна а гIо дан.   


Бердзенишвилис, Горнакашвили Зурабах а, Идоидзе Зурабах а дIа а кхетта, гIо дина Чатаевн тобанна, туркойн-гуьржийн доза а хадийна, Кирнати-Марадиди олучу хьунан мохане дIакхача.


Цу нахана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх толлуш ду, бохаман тIаьхьало а йолуш, террорхошна ахчанца я кхечу тайпана гIо дина аьлла.


Нагахь лецначеран бехк хилар суьдехь гучудалахь царна хенаш тухур ю 17-20 шо набахтехь даккха, я уьш чубухкур бу баллалц. 

Читайте на сайте