World News in Chechen

ПIаьнгазара бахархой цхьаьнакхета лууш бу коьртачу прокурорца

Гуьржийчохь ПIаьнгIазарчу бахархоша дуьхьалонан акци дIаяьхьна Дуисехь, Мачаликашвили Темирлан вер хьокъехь бакъболу таллам дIахьо бохуш, хаам бо «Гуьржийчоь онлайн» агенталло. Гулбеллачара дийцара, таллам бахлур а бу, цхьа а жамI а доцуш дIабоьрзур а бу бохуш.


Мачаликашвилин да-нанас кхайкхам бина Гуьржийчоьнан Iедалшка кхерамазалин сервисан куьйгалхо балхара дIаваккхар а, шайн кIант вийна нах кхеле озор а доьхуш.


ПIаьнгазара бахархой цхьаьнакхета лууш бу коьртачу прокурорца Шотадзе Ираклица, цуьнга беш болчу талламах лаьцна шайна дийцийта Iалашонца.


Дуисерчу дуьхьалонан акцехь дакъалаьцначу наха дийцара, Iедалш шайга гома хьожуш хииларх лаьцна.



 

Читайте на сайте