World News in Chechen

Нохчийчохь подполковник вийна сержанто

Нохчийчохь лахарчу сержанто подполконик вийна аьлла хаамбина Life интернетан гIирсо. Болчу хаамашца, Ставрополан кIоштарчу 74814-чу эскаран декъехь гIуллакх кхочушдеш хилла и шиъ. Нохчийчу ханна декхарш кхочушдан хьажийначу цу шиннан юкъахь конфликт иккхина. Бахьанаш луьстуш ду.


Life дийцарехь, къаьркъа молуш хилла и шиъ, дов даьлча лахарчу сержанто Калашниковн автомат коьртах тоьхна, вийна подполковник.


Талламаш болийна, бехкениг лаьцна Iедало.


 


 

Читайте на сайте