World News in Chechen

Иракъерчу доьзалехь кхобуш йолу нохчийн йоI цIаерзор ю Сабсабис

Нохчийчоьнан Iедалш цIаерзо дагахь ду Иракъерчу цхьана доьзало кхобуш йолу 7 шо долу нохчийн йоI. Иза шайн доьзале эцна хилла иракъхоша цхьа шо а кхачанза иза йолуш.


ЙоI Оьрсийчоьнан махкахо ю. Цуьнан да-нана кхелхина тiеман хиламашкахь, хаам бо РИА Новости агенталло, Сабсаби Зиядана тIе а тевжаш.


Дийцарехь, хьалхо Оьрсийчу цIаверзийнера кхо кIант, амма церан йиша карош яцара.


Таханлерчу денна Иракъера а, Шемара а Оьрсийчу цIадерзийна 100 гергга зуда а, бер а.


 

Читайте на сайте