World News in Chechen

Титиевн гIуллакх дуьйцур ду Европарламентехь

Оршотан дийнахь Францерчу Страсбургехь дlайолалуш йолчу Европарламентан рогIерачу сессехь дийцаре дийр ду "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб лацарца доьзна хьал. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо".


Титиевн хаттар дийцаре дан Iалашо ю Европарламентехь еарин дийнахь. Оццу дийнахь тIеоьцур йолуш ю цу хаттарна жамI деш йолу резолюци.


Титиев лаьцна Iедалша Нохчийчохь Дечкен-беттан 9-чу дийнахь. Суьдхочо сацам бина иза лаьцна латто Зазадоккху-беттан 9-чу дийне кхаччалц.


Европарламентан резолюцеш ца хуьлу низаман ницкъ болуш.

Читайте на сайте