World News in Chechen

Кхелхина Нохчийчуьрчу тIеман теш хилла видеожурналист Мусаев Руслан

Журналист хилла Мусаев Руслан кхелхина Москох. Цуьнан дара 50 шо. Нохчийчоьнах баккъала а дог лозуш, шена хетарг майра дIаолучех вара Руслан.  


Нохчийчохь ши тIом боьдуш "Ассошиэйтед пресс" телевизионан агенталлан видеокорреспондент вара Мусаев. 2000-чу шерашкахь кхин рицкъ лохуш хиллехь а, журналистика юьтуш вацара иза.


Нохчийчуьрчу хиламашна комментари еш Мусаевс шена хетарг, оза а ца луш, дIаолура Маршо Радион эфирашкахь ша вистхуьлуш. Даиман а хьекъале а, чулацам болуш а хилара цо дуьйцург.

Читайте на сайте