World News in Chechen

Муцураевн йиш бахьанехь гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна

Суьдо бехке винарг ву Гуьмсан кIоштара вахархо. Цо "ВКонтакте" йолчу шен агIона тIехь дIахIоттийна хилла нохчийн вевзаш волчу эшаршлакхархочо Муцураев Тимура дIааьлла цхьа йиш. Муьлхарниг ю дуьйцуш дац.


И бахьана долуш  и стаг бехке вина экстремистийн материалаш яржорна. Суьдо 2 эзар сом гIуда тоьхна цунна.


"Кавказский" узело бинчу хаамца, цу кеппара бехк а буьллуш лаххара а 6 стагана таIзар дина Нохчийчохь кху тIаьхьарчу хенахь.

Читайте на сайте