World News in Chechen

Немцовн цIе тиллина Вашингтонерчу Оьрсийчоьнан векалаллана хьалхарчу майданна

Вашингтонехь Оьрсийчоьнан векалаллана хьалха йолчу майданна цIе тиллина Москох вийначу оппозицин политикан Немцов Борисан. Цунах лаьцна низаман проект тIечIагIйина хиларх а, и низам болх бан доладелла хиларх а лаьцна хаам бина Немцовн Фондан гIантдайх цхьаъ волчу Кара-Мурза (жимаха волу) Владимира.


Цо дийцарехь, керла цIе тиллина майда схьайоьллуш официалан церемони хир ю Немцов вийна кхо шо кхочуш -- Чиллан-беттан 27-чу дийнахь.


 

Читайте на сайте