Росгвардино ха дийр бу регионашкара лаккхарчу дажашкарчу Iедалхошна
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо низаман проект тIеэцна, Росгвардина бакъо луш йолу, Оьрсийчуьрчу регионашкара лаккхарчу даржашкарчу Iедалхойн а, "кхин болчу нехан" а хан дан. И документ тIеэоьцуш реза хиларца кхаж тесна 333 депутато, 2 куьг ца ойуш сецна.
И низаман проект 2017-чу шарахь Думе кховдийнарг вара президент Путин Владимир. ТIе цо куьг таIийначул тIаьхьа ах шо даьлча болх бан долалур ду керла низам.
Цу низамехь буьйцуш болу "кхин болу нах" муьлуш бу хууш дац. Росгвардера ха лур долу даржой билгалдохур бу президенто.