World News in Chechen

Нохчийн кхиазхо вайна Францехь

15 шо долу Iабдул-Малик цIе йолу нохчийн кхиазхо лоьхуш бу Францера цуьнан гергара нах. Цуьнан ненан цIарах социалан машанашкахь баржочу кхайкхамца, Чиллан-беттан 23-чохь сарахь араваьлла кхин чу ванза ву. Иза волу меттиг хIетахь дуьйна цхьанна а хууш яц. 


ПIераскан сарахь Орлеанан а, Тулузан а, Парижан, Марселан  а агIор йоьдучу цIерпошта чу хууш гина и кIант аьлла, яздина ду хаамехь.


И кIант гинарг я иза волу меттиг хууш верг шеца зIене валахьара аьлла шен телефон а йитина хаамехь цуьнан нанас. Иштта массаьрга Европехула и кIант гой хьовсуш, сема хиларе доьхуш, цуьнан сурт тIехь долу хаам а баржийна цо.

Читайте на сайте