World News in Chechen

Пхи седа болу хьешан цIа схьадоьллур ду кеста Соьлжа-ГIалахь

Мисарара дуьненаюкъарчу футболан чемпионатехь дакъалаца йогIу футболан тоба дIатаръян къастийна хилла Соьлж-ГIалара итт гIатах лаьтта The Local отел хьеший тIеэца кийча хир ю гергарчу хенахь. Mylistory-н агIонехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам, гIишло ечу майданара юхавирзинчул тIаьхьа.


Пхи седа болу хьешан цIа хьаладеш ду Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу инвесторша.


Отела чохь хир ю ресторан а, 500 машен дIахIотто паркинг а, бассейн а, фитнес-центр а, теннисан корт а, масех конференц-чоь а, йоккха туька а.


"Ахмат-Арена" стадионна уллохь еш ю отел.


Дагадоуьйту, дуьненаюкъара футболан чемпионат дIахьош ю кху аьхка, Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолийна, Товбеца-беттан I5-чу кхаччалц.

Читайте на сайте