World News in Chechen

Нохчашна хIинца а тховкIело эшарх лаьцна дийцира Австрехь

Брегенц гIалахь оршотан сарахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира нохчашна тховкIело яларца тIаьхьарчу хенахь Австрехь кхоллало хьал.


„Хьашт юй нохчашна азюль? Уьш хIинца а кхузахь хIунда бу?“ аьлла цIе тиллинчу дискуссехь дакъалоцуш вара леррина Страсбургера кхайкхина валийна нохчийн адамийн бакъонашларъярхо Ибрагимов Сайд-Эмин.


Иштта Венера еанера евзаш йолу меттигера журналист Шолль Сюзанне а. Дуккха а шерашкахь Оьрсийчохь болх бина а, масийттоза Нохчийчохь хилла а ю иза. Цул сов, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара нохчийн диаспоран векалш а.


Суьйре вовшахтоьхнарг Брегенцера "Виндекс" цIе йолу юкъараллин цхьаьнакхетаралла яра. Нохчийчуьрчу мухIажирашна Iуналла деш йолчу цу цхьаьнакхетаралло дуккха а проекташ кхочуш йина, къаьстина нохчийн зударшца цхьаьнаболхбарехь.

Читайте на сайте