World News in Chechen

Титиевн кхелехь дакъалаца Соьлж-ГIала веана Явлинский

Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий кхаьчна Соьлж-ГIала, Старопромыслан кIоштахь Титиев Оюбана тIехь дIайоьдучу суьдехь дакъалаца.


Вевзаш волу политик дагахь ву ша, дошлардаран тоьшалла а хилла, бакъонашларъярхо Титиев талламан изоляторера араваккхар доьхуш кечдина кехат дIадала суьдхочуьнга.


Цу тайпа дехар ша суьде дина Титиев Оюб шена вевза дуккха а хан хиларна, боху Явлинский Григорийс.


 

Читайте на сайте