World News in Chechen

Оьрсийчоьнан 39 эскархо велла, Шемахь кема а доьхна

Шемахь доьхначу Оьрсийчоьнан Ан-26 тIеман кеманна тIехь хилла 39 стаг аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министралло, хаам бо РИА «Новости» агенталло.


Кема доьхна Хмеймим аэродромехь охьахууш. Цу тIехь хилла 33 некъахо а, экипажан 6 стаг а велла. Уьш берш эскархой хилла. 


Оьрсийчоьнан талламан комитетан белхой бу хилларг толлуш.

Читайте на сайте