World News in Chechen

Шемахь доьхначу Ан-26 кеманан галъяьлла хилла тIоман механизм

Шемарчу Хмеймим тIеман базехь охьахууш доьхначу Оьрсийчоьнан Ан-26 тIеман кеманан галъялла хилла иза гIоттуш а, охьахууш а лелаш йолу тIоман механизм. Иза тIераяьлла кема охьахууш. Цунах лаьцна яздо "Коммерсант" газето шен хьастанашна тIе а тевжаш.


Цу механизмаца йоьзна проблема бахьана долуш кема раз а даьлла чудаха доладелла масетта бIе метар лакхара дуьйна.


Ан-26 кема доьхна Зазадоккху-беттан 8 дийнахь. Цу тIехь хилла 39 стаг. Уьш берш белла.   


 

Читайте на сайте