World News in Chechen

Нохчийчохь харжамашна тIехь тидам латтор бу 4 эзар гергга тергамчас

Нохчийчохь Оьрсийчоьнан президентан харжамийн дийнахь кхаьжнашна тIехь тидам латтор бу 4 эзар гергга юкъараллан тергамчо. ТАСС агенталло бо и хаам, харжамийн комиссин декъашхочун Эльсункаев Солижанан информацех пайда а оьцуш. Цо бахарехь, кандидатийн я уьш хьалхатеттинчу партийн векалш а, дуьненаюкъара тергамчаш а  хир бу харжамашкахь.


Харжамийн дийнахь республикехь болх беш хир ю 475 харжамийн куп. Тергамчийн бакъо хир ю харжамаш буьйлабеллачул тIаьхьа, кхаьжнаш дагардина довллалц терго латто.


Иштта церан таро ю, къепе йохийна меттиг тусалахь, харжамийн комиссига цунах арз дIакхачо а.


Дагадоуьйту, тIедогIучу кIирандийнахь, 18-чохь дIабахьа лерина бу Оьрсийчоьнан президентан харжамаш.


 

Читайте на сайте