World News in Chechen

Соьлж-ГIалар полисхочунна герз тохар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" тобано

"Исламан пачхьалкх" тобано шена тIелаьцна Соьлж-ГIалахь полицин белхахочуунна тIелатар дар. Цунах лаьцна хаам бина РБК-но.


Цу тобанан векалша чIагIдарехь, Нохчийчохь полисхочунна тIелатар динарг хилла "Исламан пачхьалкхан" тIемало.


Хьалхо РЕН ТВ-но хаам барца, кху беттан 20-чохь Нохчийчохь герз тоьхнера Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан полицина. И бахьаана долуш чов йинера цхьана полисхочунна.


ТIелатар динарг вийнера, дуьхьал герзаш а тоьхна.

Читайте на сайте