ГIалгIайчохь кхел йина телекомпанин хиллачу куьйгалхочунна
"Къилбаседакавказан телекомпанин" хиллачу куьйгалхочунна 4 шо арахь даккха хан тоьхна ГIалгIачуьрчу суьдо, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Иза бехке вина регионерчу Iедалан хазнара ахча лечкъорна. Кхелехь гучудаьлларг ду, директоран даржехь волуш цу стага 7 миллион 600 эзар сом шен кисина диллина хилар.
Кхело бинчу сацамца, цуьнан дезар ду ша дина зе буьззинчу барамехь меттахIотто.