World News in Chechen

"Йоккха топ кхоссаран говзанча - 2018" хоржур ву Ставропольехь

Йоккха топ кхоссаран говзанча хоржур ву Ставрополан махкарчу тIеман полигонехь. И къовсам вовшахтоьхнарг бу Къилбан тIеман го.


Къовсадаларш хир ду кху беттан 9-13 деношкахь.


Цу мероприятехь дакъалоцуш бу Iабржачу хIордан а, ГIажарийн хIордан а эскархой а, ткъа иштта Эрмалойчохь а, Абхазехь а йолчу Оьрсийчоьн тIеман базийн эскархой а, ткъа иштта Нохчийчохь а, Ростох кIоштахь а, Ставрополан махкахь а дIатрдинчу эскаран дакъошкахь гIуллакх деш болу салтий а, эпсарш а.


 

Читайте на сайте