World News in Chechen

Оьрсийчуьра тIом бан боьлху нах Шема дIакхачоран кеп гучуяьлла Reuters агенталлана

Reuters агенталлана гучуяьлла Оьрсийчуьра мехах тIом бан боьлху нах Шема пачхьалкха дIакхачоран кеп. Уьш кеманан рейсаш ю Ростохара Димашке а, Латакия а еш йолу. Цу балхана юкъаозийна ю Cham Wings олу Шемара долара авиакомпани.


И рейсаш къайлаха еш ю. Амма Reuters тидаме эцарехь, 2017-гIа шо доладелчхьана Cham Wings-о Димашкара а, Латакияра а Ростох а юха а йина 51 рейс.


ХIоразза а цу Iалашонна пайда эцна 180 некъахо чутарлучу Airbus A320 олучу кеманех. ТIеман кеманаш лелош хилла, берш а мехах тIом бан боьлху нах Cham Wings-ан цхьана кеманна чутарлуш ца хилча. Цунах лаьцна Reuters агенталле хаам бина контрактник санна 4-зза Шемахь тIом беш хиллачу Оьрсийчуьрчу вахархочо.


Reuters-о билгалдоккху, и бахьана долуш, Шемара долахь йолу Cham Wings компани  2016 шарахь дуьйна Iамеркан санкцешна кIеллахь хилар.

Читайте на сайте