World News in Chechen

Евкуровс шена шарахь тIедогIучу рицкъанах хаамаш зорбане баьхна

Стохка шена тIедеанчу рицкъах хаамаш деклараци тIехь Iорабаьхна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Декларацино гайтарехь, 2, 4 миллион сом даьккхина цо дахначу шарахь. Лурчаха цо билгалдаьхначу терахьашка ладоьгIча,  81, 7 эзар соьмана сов пайда бина цо.


ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна 2017-чу шарахь тIедеанчу рицкъан барам бу 2 миллион 419 эзар  925 сом 62 кепекаш. Мехкан куьйгалхочун зудчо пайда бина 242 эзар соьмана.


Машенаш яц Евкуровн. 247,4 еакIов метар петар а, 420 еакIов метар коттедж а ю цуьнан долахь. 247, 2 еакIов метар йолчу петар чохь цуьнца цхьана беха куьйгалхочун доьзал: хIусамнана а, кхо доьзалхо-кхиазхо а.

Читайте на сайте